ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецнарш дΙахецар доьхурш а лецна



Полицино Москох оппозицин кхо лидер лаьцна магийна боцчу гуламера шоьтан дийнахь – Навальный Алексей а, Яшин Илья а, Аьрро фронтан куьйгалхо Удальцов Сергей а. Хьалхо лецна чохь бахкабен гуламийн жигархой дΙахецар доьхуш хΙоьттинера Москох и рогΙера гулам. «Мукъаваккха Равозжаев Леонид!» бохуш бара оппозицин шоьтан гуламан лехам. Оппозицин декъашхо Развожаев, къайлахчу сервисо Украинера вада а вина, Москох схьавалийна, набахти чохь кхобуш ву.
XS
SM
MD
LG