ТIекхочийла долу линкаш

Шема йийцаре йира БрахΙимис а, Лавровс а



Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин а, Ιаьрбийн мехкийн Лигин а векала БрахΙими Лахьдара хьалхачул а эшна лору Шемара хьал. Москох Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министрца Лавровца шен хилла дийцарш чекхдевлича, БрахΙимис дΙахьедира, ша а, Лавров а цхьана даггахь ву, Шемахь духь-дуьхьал лаьтта ницкъаш машарца дΙасабахар дерриг а дуьненан декхар хилар кхеторца, аьлла.

ГΙурбан деношна шаьш тΙемаш совцабо баьхнехь а, тΙематасадаларшкахь дара Шемин Ιедал а, цунах лета оппозици а. Ιедалан телевизионо хаам барехь, Демаьшкахь машен эккхийтина, велла 10 стаг.
XS
SM
MD
LG