ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атлантикера мехийн кхерам лаьтта Штаташкахь



Сэнди цΙе тиллина ницкъала мох тΙекхачале бΙеннаш эзарнаш нах Ιечуьра дΙасабаха дезна Цхьанатоьхначу Штаташкахь. ХΙорда тΙехь гΙаьттина и мох Нью-Джерси штате кхача тарло кху муьрехь. Синоптикаша тоьшалла до, Арктикера шийла моххий, малбузера Ιаьнан хьаллий бертахь а нисделла, хуьлуш бу и Ιаламан хьовзам бохуш.
Къилбаседа Королинера Кентукки дΙакхаччалц бу мох хьовзарца тΙебоьссина кхерам. Дахаран хьостанаш, масала, аьчка некъаш дΙакъевлина ханна Нью-Йоркехь а, Вашингтонехь а. Президента Обамас дош делла, Ιедало тΙеоьцу шена механ чахчарина ма-хуьллу дуьхьал латта а, цо бан тарло бала сихха юхабаккха а, аьлла.
XS
SM
MD
LG