ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо Радиорчу хьоло сагатдойту бакъоларъярхошка



Оршот дийнахь Маршо Радиохь белхан меттигаш лахъярца доьзна хΙоьттина хьал дийцаре дан вовшахкхийтира Москох радион президент Корн Стивен а, цуьнан гΙоьнча Рагона Джулия а оьрсийн гоьбевллачу бакъоларъярхошца, шайлахь «ХΙельсинкин Тобан» а, «Мемориалан» а, «Левада-Центран» а, «Яблоко» партин а куьйгалхой а болуш.

Бакъоларъярхоша бехк баьккхира Маршо Радион куьйгалхошка радион оьрсийн сервисехь белхан меттигаш лахъярца доьзна цигара тоьлла белхахойн дΙабахарна а, Оьрсийчохь кхиа гΙертачу демократина оцу барамашца эшам барна а.
XS
SM
MD
LG