ТIекхочийла долу линкаш

Маьждиган имам вийна Дагестанерчу Дербент-гIалахь


Дагестанехь Дербент-гIалахь вийна меттигерчу маьждиган имам а, цуьнан да а, ваша а. Муьлуш бу ца хуучу наха герз тоьхна Ибрагимов Калимуллана а, цуьнан 82 шо долчу денна а, цуьнан вешина а, уьш Iуьйран ламаз дан маьждиге боьлхуш болуш. Имам а, цуьнан гергара ши стаг а циггахь кхелхина. Зуламхой къайлабевлла жимчу машенахь.

Иза дуьххьарлера цу тайпа тIелатар дац, кху шарахь Дагестанехь диндайшна дина долу. Дукха хан йоцуш зуламхоша маьждигийн имамаш байина Буйнакскехь а, кхин а цхьамогIа ярташкахь а.

Марсхьокху-бутт чекхболуш, Iажалхочо эккхийтар а дина, вийра вевзаш волу Дагестанера дешна стаг Чиркейский СаьIид Афанди. И зулам динарг яра зуда.
XS
SM
MD
LG