ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера харжамаш юханехьа гIулч яккхар лору Iамерко


Демократи кхиорехь юханехьа яьккхина гIулч ю Украинехь хилла парламентан харжамаш аьлла, хеташ ю Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. Цунах лаьцна дIахьедар дина Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан векло Тоунер Марка.

Цо дийцарехь, дуккха а тоьшаллаш ду харжамийн кампани дIахьуш Украинерчу Iедалша шайн дуьхьалончаш хьийзина хиларан а, шайгахь долчу Iедалах пайда эцна хиларан а.

Цу кеппара дIахьедар дина ОБСЕ-н цIарах Украинерчу харжамашна тергам беш хиллачу миссин куьйгалхочо Дуглас Вальбурга а. ОБСЕ-н, ПАСЕ-н а тергамхоша шайна хала хеташ хилар хаийтина, Украинерчу оппозицин лидерийн- Тимошенко Юлиян а, Луценко Юрийн а, уьш набахтехь хилар бахьана долуш, харжамашкахь дакъалаца аьтто ца хиларна.

Шен агIора Йозуш йоцучу Пачхьалкхийн ДоттагIалллин тергамхойн миссино дIахьедар дина, Украинера харжамаш маьрша а, демократин чулацам болуш а бара аьлла.
XS
SM
MD
LG