ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман кема чудеана Оьрсийчохь


Су-24 олу бомабанаш туху тIеман кема чудеана Оьрсийчохь, Челабинск кIоштахь. Оьрсийчоьнан тIеман министралло бинчу хаамца, кеманна тIехь волу ши пилот иза охьахао гIоьртина. Амма, иза дан шайн аьтто ца баьлча, пилоташ чулилхина парашюташ тIехь.

И шиъ дийна карийна орцаллин тобанна. ТIеман министраллан векалша чIагIдарехь, и кема гергарчу хенахь ремонте хьажо дезаш хилла. Цу тайпа кеманаш тIемадовлар сацийна ду.
XS
SM
MD
LG