ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь дIадоьрзуш ду парламентан харжамийн жамIаш дар


КIирандийнахь хиллачу парламентан харжамийн жамIаш дар дIадоьрзуш ду Украинехь. Дагардаза дисина 2 процент кхаьжнаш. ТIаьххьара болчу хаамашца, хьалхара меттиг йоккхуш ю карарчу хенахь Iедалехь йолу Регионийн парти – 30 процент. ШолгIачу меттехь ю «Батьковщина» олуш йолу оппозицин блок -- 25 процент. Пхеа процентан барьерах тIехйолуш ю кхин а кхо парти – Коммунистийн парти а, «УДАР» цIе йолу боксеро Кличко Виталис кхоьллина парти а, «Маршо» цIе йолу аьттоагIор-радикалан парти а.

Кхаьжнаш дагардар дахдалар бахьана долуш, Iедалша кхермазалла чагIйина Украини коьртачу харжамийн комиссин. Дуьненаюкъарчу тергамхоша дIахьедар дина, Украинера харжамаш демократин чулацам болуш бацара аьлла. Ткъа Йозуш йоцучу Пачхьалкхийн ДоттагIаллан цIарах цу харжамашна тергам беш хиллачу миссино чIагIдо, уьш маьрша бара бохуш.
XS
SM
MD
LG