ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белуджистанехь зуламаш деш болу нах кхеле озор доьху Iамерко Пакистане


Белуджистанерчу сепаратисташна дуьхьал Пакистанан эскаро лелош дерг бахьана долуш, шаьш саготта хиллар хаийтина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонехь Iамеркан векал йолчу Донахью Айлина.

Шинарийн дийнахь цу кхеташонан Женевехь хиллачу гуламехь Донахьюс дIахьедар дира, Вашингтонан алссам хаттарш ду, Белуджистанехь адамийн бакъонаш йохош хилар бахьана долуш аьлла.

Iамеркан векло тIедожийна Пакистанан Iедалшна адамаш хьийзона а, уьш дайарна а бехке болу зуламхой кхеле озор. Кху тIаьхьарчу 8 шарахь цу регионехь хиллачу тасадаларшкахь байина эзарнаш маьрша бахархой а, эскархой а, гIаттамхой а.
XS
SM
MD
LG