ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу оппозицин декъашхошка цхьаьнакхетаре кхайкхина Клинтон ХIилларис


Шемарчу оппозицин декъашхошка цхьаьнакхета аьлла, кхайкхам бина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис. Цул сов, Клинтонна хетарехь, цхьацца хийцамаш бан беза оппозицин куьйгалхошна юкъахь а. Хорватин коьртачу гIалахь Загребехь йист хуьлуш, Клинтона билгалдаьккхира, Вашингтонна хетарехь оппозици хила еза берриг а шемахойн цIарах аьлла.

Клинтона бахарехь, оппозицин коьртехь политикан иммигранташ хилла ца Iаш, Шемахь маршо куьйсуш болу нах а хила беза. Iамеркан пачхьалкхан секретаро дийцарехь, тIедогIучу кIирнах Катарехь хир долчу цхьаьнакхетаро гIо дан мега Шемара оппозици цхьаьнатухуш.
XS
SM
MD
LG