ТIекхочийла долу линкаш

Пхи де дисина Iамеркехь президентан харжамаш хила


Харжамийн кампани юхадIайолош ву Iамеркан президентан дарж къовсуш волу президент Обама Барак а, цуьнан дуьхьалонча, республиканхо, Ромни Митт а. Iамеркехь президентан харжамаш хила дисина 5 де.

Кху тIаьхьарчу деношкахь Сэнди цIе йолчу дарцо дина зе дIадаккхарна тIехь болх беш вара президент Обама. И бохам хилар бахьана долуш кхелхина иттаннаш нах. Дарцо доккха зе дина Iамеркан малхбалехь йолчу штаташна. Ромнис а хийцинера шен харжаман кампанин раж. Иза а вара шега далуш дерг дан гIерташ, инзаре онда дарцо дина зе меттахIоттош.

Цкъачунна Обама а, Ромни а цхьатерра кхаьжнаш гулдан мегаш ву харжамашкахь.
XS
SM
MD
LG