ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин могуш ву бохуш, чIагIдо цуьнан зорбан секретаро


Оьрсийчоьнан президентан зорбан серетаро Песков Дмитрийс бакъ ца дина, Путин Владимиран могушалла галъяьлла бохург. Цу тайпа хаамаш баьржина зорбанан гIирсашкахь Оьрсийчоьнан куьйгалхочо цхьамогIа кхечу пачхьалкхашка йолу шен визиташ къелйитар бахьана долуш.

Песковс дийцарехь, Путин Владимир дIаса ца волуш сацар доьзна ду, иза спортан тренировкаш еш лазийна хиларца.

Дукха хан йоцуш Владивостокехь хиллачу цу регионан экономикан саммитехь журналисташ тидам бира, Оьрсийчоьнан президент астагIлелхаш хиларна. Песковс элира, Путинан шира травма меттахяьлла аьлла.
XS
SM
MD
LG