ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

120 Мьянмера бусулба мухIажир велла кема тIекIелдаьлла


Мьянмера бевдда мухIажираш тIехь болу хIурдан кема тIекIелдаьлла Бангладешана гена доцуш. И бахьана долуш вайна лоруш ву 120 стаг. Меттигерчу чIерийлийцархойн аьтто баьлла 13 стаг кIелхьара ваккха.

И нах дагахь хилла Малазе доьдучу доккхачу хIурдан кеман тIеховша. Хи бухула даханчу кемантIехь хилла коьртачу декъана рахинья олучу къомах болу бусулбанаш.

Мьянмехь, Рахин олучу штатехь, динан бух тIехь тасадаларш хиллачул тIаьхьа цу махкара дIавахана 20 эзар сов бусулба стаг.
XS
SM
MD
LG