ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернет сайташна Iедалшка латкъамаш беш бу Оьрсийчоьнан бахархой


Оьрсийчохь Еарин дийнахь «Iаьржачу цIейозанех» олуш долу низам болх бан доладеллачул тIаьхьа интернет сайташна 3 эзар сов латкъам кхаьчна Роскомнадзор олучу урхалле. Царах ах, бух боцуш бу аьлла, дIатеттина говзанчаша.

Интернетах лаьцна низам юкъадаккхаран Iалашо ю бераш вочу информацех лардар. Хьалхо Роскомнадзоран зорбан сервисо хаам бира, и низам болх бан доладеллачул тIаьхьа цхьана буса, 6 сайт дIакъовла сацам бина шаьш аьлла. Говзанчашна карийна царна тIехь эвхьаза даьхна долу берийн сурташ.
XS
SM
MD
LG