ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко дIахецна Лазаренко ца ваьхьа Украине цIаверза


Украинан премьер-министр хилла волу Лазаренко Павел араваьлла Iамеркерчу набахтера. Бозбунчаллаш лелийна аьлла, чуваоьллина вара иза, 8 шо хан а тоьхна. Цунах лаьцна хаам бина «Украинская правда» олучу газето. Лазаренкон адвокато дийцарехь, иза ша верна кхоьруш ву Украинехь.

Лазаренко Павел Iамерке ваханера 1999-чу шарахь, политикан тховкъело еха. Амма меттигерчу Iедалша д1алецира иза, финансашца харцонаш лелийна аьлла. Лазаренко Украинан премьер-министр лаьттина ву 1996-чу а, 1997-чу а шерашкахь. Украинехь цунна бехке дуьллуш ду масийтта зулам дар.
XS
SM
MD
LG