ТIекхочийла долу линкаш

Кхо де дисина Iамеркехь президентан харжамаш хила


Кхо де бен ца дисина Iамеркехь президентан харжамаш хила. Талламаш гайтарехь, цу харжамашкахь дакъалоцуш волу ши кандидат, карарчу хенахь президент волу, Обама Барак а, республиканхо Ромни Митт а цхьатерра кхаьжнаш гулдан мегаш ву. Цу хеннахь Сэнди цIе йолу дарц далар бахьана долуш кхелхинчу нехан терахь ду 102 стаг.

Электросерло йоцуш вуьсуш ву хIинца а 3 миллион стаг. Тоьаш дац машенашна чудутту бензин а, мехкадаьтта а. Iамеркан президенто Обамас омра дина бохам хиллачу кIошташка кхин а алсам мехкадаьтта а, бензин а дахьийта аьлла. Иза схьаоьцур долуш ду тIеман министраллан стратегин резервера.

ХенахIоттам говзанчаш дийцарехь, Iамеркан малхбалерчу штаташна тIедогIуш ду керла механ дарц. И бахьана долуш, догIа а, догIанца ло а да мегаш ду цигахь. ЦIеххьана охьаяла мегаш ю хIаваан температура.
XS
SM
MD
LG