ТIекхочийла долу линкаш

Машар ларбон комитетан куьйгалхо вийна Iожалхочо Пакистанехь


Пакистанехь, Бунер олучу кIоштахь, Iожалхочо тIелатар а дина, вийна меттигера машар ларбон комитетан гIаьнтда. Цу стага эккхийтина шен дегIах йолла бомба. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, оццу эккхийтарехь вийна кхин а мел лаххара а 4 стаг.

И тIелатар дарна жоьпалла шена тIеэцна стаг вац. Амма, Iедалшна хетарехь, царна тIехьа лаьтташ бу тIалибаш. Пакистанерчу машар ларбон комитеташна юкъахь бу меттигерчу къаьмнийн векалш. Цара накъосталла до Iедалан ницкъаллин структурашна, тIемалошца къийсам латтош.
XS
SM
MD
LG