ТIекхочийла долу линкаш

Европа а, Ази а чΙагΙдеш ю гергарлонаш



Европан а, Азин а лидерш бу Лаосан коьртачу шахьарахь Вентьянехь шина денна лерина самит дΙахьош. Кризисо дуьненан экономика лаьцна кхобучу муьрехь шина континентан йохк-эцарца йолу юкъарлонаш ю цигахь йийцаре еш. Еврокомиссин куьйгалхочо Баррозу Жозес а, Азехь экономикан юкъарло чΙагΙдечу кхеташонан хьалханчас Питсуван Сурина а схьайиллира саммит.

Кхечу хьаькамашца цхьаьна дакъалоцуш ву саммитехь оьрсийн премьер-министр Медведев Дмитрий а.

Евробертан 27 пачхьалкхана тΙейоьжна декхаран кризис а, 19 Азерчу мехкан йохк-эцаран болар лагΙдалар а ду бараман дийцаршкахь.
XS
SM
MD
LG