ТIекхочийла долу линкаш

Харжамашна реза яц Украинера оппозици



Украинехь бахначу баттахь хилла парламентан харжамаш емалбеш Ιедална оппозицехь йолчу партийн гуламаш лаьтта Киевехь. Эзар сов вахархо вара оршот дийнахь оцу бахьанийца харжамийн коьрта цΙенна хьалха гулбеллачаралахь. Набахтехь яллочу Тимошенко Юлиян «Батькивщина» («Даймохк») парти тΙера политикан башха бала а боцчу боксеран Кличко Виталийн «Тохар» цΙе йолчу партин биста кхаччалц бу чекхбевллачу харжамийн хотΙана резабоцурш.

ЖамΙаш дина довлучу кху муьрехь гуш ду президент волчу Янукович Викторан «Регионийн партигахь» юйла хьалхе - Радерчу 450 меттигах 225 меттиг кхаьчна цунна.
XS
SM
MD
LG