ТIекхочийла долу линкаш

Хьанна пайде бу Германера Кадыровн доттагIий?


Нохчийчоь -- Германера бизнесхо Шмайхель Франк Нохчийчоьнан куьйгалхой болучохь хьошалгIахь, Соьлжа-ГIала,2012, ГIадужу-бутт.

Нохчийчоь -- Германера бизнесхо Шмайхель Франк Нохчийчоьнан куьйгалхой болучохь хьошалгIахь, Соьлжа-ГIала,2012, ГIадужу-бутт.

Нохчийчуьрчу Ιедалийн, Европан пачхьалкхашкарчу бизнес-машанийн юкъаметтигаш чΙагΙлучух тера ду. Мухха делахь а, алсам дуьйлуш ду нохчийн Ιедалера официалан делегацеш Европе эхар. Дукха хан йоццуш Германе ваханера Нохчийчоьнан урхаллан куьйгалхо Эдельгериев Абубакар. ХΙун бух бу оцу гергарлонан, теллира оха...


Немцойн хаамийн гIисрашкахь мел лехарх ца карабо Нохчийчоьнан лакхарчу куьйгаллера хьаша, премьер-министран даржехь волу Эдельгериев Абубукар цу пачхьалкхехь визит еш хилла бохучух болу хаам. Я и визит официалехь ца хиллехь а, я везачу хьешана хьошалла диначарна шайн болам къайлаха бита лиънехь а, амма меттигерчу я электронан а, я зорбанан а гIирсашкахь болх бечу журналистийн тидам ца хуьлуш дисира и нохчийн хаамийн гIирсашкахь боккха кхиам санна бийцаре бина болу хилам.

Ца хаьара цунах лаьцна Нохчийчоьнца а, Оьрсийчоьнца а доьзна керланаш серладохучу журналистийн гуонашкахь а. Маца веанера иза? Хьаьнца цхьанакхетарш хилира цуьнан? Шай-шай гIур ма вара цуьнан пресс-конференце бохуш, цецбуьйлура Маршо Радиоца къамелаш дина меттигера журналисташ.

Ткъа цхьаьнакхетарш, нохчийн хаамийн гIирсашкахь яздарехь, вуно лакхарчу тIегIаннехь хиллера. Масала, Эдельгериев Абубукар, Германехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал волчу Вараев Амирханца цхьаьна, тIеэцнера социал-консервативан политикан Кхерчан куьйгалхочо Мальмендье Бертранс а, цуьнан гIоьнчас Шмайхель Франка а.

И, цкъа дуьххьара ладоьгIча, цхьа мехала политикан парти йолуш санна екаш йолчу оцу Кхерчан цIарна тIехьа цхьа а политикан ницкъ я иза цхьа мехала Iедалан векалт йолуш а хIума дац. Цу цIарна хьалха лаьтташ цхьа дош ду, нохчийн хаамийн гIирсаша ца хьахош дитина долу. И дош „оьрсийн“ боху дош ду. Аьлча а, цу Кхерчан цIе иштта ю „ Оьрсийн социал-консервативан политикан Кхерч“ аьлла.

Ткъа и кхерч 2005 шарахь Берлинехь хIетахьлерчу Оьрсийчоьнан думин куьйгалхо хиллачу Грызлов Бориса схьайиллира, шина пачхьалкхана юкъахь экономикан а, политикан а, Iилманан а уьйраш чIагIъярхьама. ХIетахь цу кхерчан куьйгалхо хIоттийнарг Шувалов Юрий вара. И кхерч оьрсийн „Цхьаалин Оьрсийчоь“ партин туш ларалуш а, церан цIарах лелаш а ю Германерчу журналистийн гонийн кхетамехь.

Оццу Кхерчан цIарах Гезгмашин-баттахь Соьлжа-ГIала ваханера Шмайхель Франк цIе йолу цхьа Германин вахархо. Бакъду, цу цхьанна Кхерчан цIарах аьлла цуьнан даржийн, цуьнан зевнечу цIерийн могIа бацбича, цунна халонга дала а сахьт дац.
ХIунда аьлча, и ша шен меттана луьйш йолу цIе лелош стаг ву – «шмайхель» бохург нохчийн матте даькхича „говза мотт хьакха хуург“ бохург ду.

Шмайхела болх ца беш а, иза ца кхочуш а атта меттиг карон йиш йолчух тера дац. Немцойн урхаллин хьехамча а иза ву, цу хIуман тоьшалла цкъачунна гучудаьлла дацахь а, Бизнесан машин инарла куьйгалхо а иза ву, Маркетинган а, Зорбантин а юкъараллан а куьйгалхо а иза ву. Цо ша бахарехь.

Бакъ-харц къастон аьтто дац, амма цо ша куьйгалла дина бохуш билгалъяьхначу фирманийн цIерашкахь яздина ду, цуьнан белхаш экономикан зорбанташца, хаамийн гIирсашца, маркетинган консалтингаца, бизнес девелопментца, интернационалан урхалташца уьйраш тассарца, приватизацешца, иштта цхьа могIа кхечу агIонашца боьзна бу бохург.

Ткъа коьртаниг, шен цIаро шена тIедожош ма-хиллара, Iедалехь болчу нахана мотт хьокхуш къамел дан вуно говза хууш стаг ву Шмайхель. И цо ша Соьлжа-ГIала вахана волуш шен йоллучу исбаьхьаллехь дIа а гайтира.
Делахь а вай вийцаре вийриг Шмайхель вац, кханий-ламий дийцарх цуьнан дешан говзаллех долу Iилма кхачалур дацехь а. Нохчийчоьнан урхаллин куьйгалхо Эдельгериев Германе вахар ду. Ткъа Шмайхель иза тIеоьцуш хиллачех цхьаъ ву.

Цо а, цуьнан накъоста Мальмендье Бернарда а – иза а ву Берлинера могIара адвокат,- Нохчийчуьрчу хьеше хьахийра, Соьлжа-гIалахь „Немцойн кхерч“ схьайиллинехь хIун дара те, аьлла. Нохчийчохь инветицеш ян лууш йолчу Германерчу фирманашна тIеяха меттиг хилийта. Ткъа ишттачарна юккъехь, оццу Мальмендьес болх беш йолу адвокатийн контора а ю, Шмайхель Франка куьйгалла деш йолу Business Network Berlin фирма а ю. Цу кепара, шаьшшиммо болх беш йолу ши фирма дика дIатаръян Iалашо йолучух тера а ду цу шиннан, хьалххе туш а тоьхна.

КхидIа цIерачу хаамийн гIирсашкахь дийцарехь, немцойн агIоно Соьлжа-ГIаларчу хьешашка кхайкхира карарчу баттахь Петарбухехь дIадахьа леринчу рогIерчу „Петарбухера диалог“ цIе йолчу оьрсийн-немцойн рогIерчу дагадовларшкахь дакъалаца.

И Петарбухера диалог дIайоьдуш йолу дуккхаъ шераш ду, иза мацах Путин Владимиран деган доттагIчо Шредер Герхарда, немцойн журналисташа шех „Кремлан пресс-секретарь“ аьлла тIе тилина волчу, иштта цу заманахь а, хIинца юха а Оьрсийчоьнан президент волчу оццу Путинца цхьаьна вовшахтоьхна гулам бу. Берлинерчу бизнесхоша Мальмендьес я Шмайхела Кремлца герггара юкъметтигаш йолу Нохчийчоьнан Iедалан векалша хIунда кхайкха беза бохург мелла а тамашена-м хетало...

Германин Iедалан гонашкара, схьахетарехь, цхьа а стаг цхьаьна ца кхеттачух тера ду Соьлжа-гIаларчу хьешашца. ХIетте а, немцойн махкахь бехачу вайнаха сагатдо, шаьш бахьана долуш еъна-м ца хилла те и делегаци, шайн меттиг йохон а, шаьш цIехьа берзабе аьлла а, бохуш.

ХIунда аьлча, Европехь бехачу мухIажарийн зеделлачо гойту, муьлха а Нохчийчуьрчу Iедалера цхьа делегаци я Австре,я Германе яр нисделча, дукха хан ялале политикан я гуманитаран тховкIело ехарна, дацаре жоьпаш а лой, Оьрсийчу цIехьа хьежочу нохчийн муIажирийн терахь совдолуш хилар.

Ишттачех сингаттам кхобуш ю шен коьртехь Берлинехь ехаш йолу Сапихьат. Цо дийцарехь, Нохчийчуьра делегаци Берлине еана бохург и делегаци цдIаяхначул тIаьхьа бен цу гIалахь бехачу нохчашна хиъна дац. ХIетте а цу хаамо гIайгIане божийна дуккха а нах, бохуш дуьйцу цо.

Сапихьат: „И стаг хIунда веанера-м ца хаьа кхуза. Халла кхузахь хене бовла гIерташ нохчий бу, цигара и тIом кхин дIабаьлла аьлла а дац, ламчохь хIинца а тIеетташ ю. Нохчий кхузара арабаха, уьш цIабахийта веана вуй те аьлла хета, муха ду-м ца хаьа. Со дуьненчу яьлчхьана сайн Даймохк безаш, цунна сагатдеш хилла ю. Цигахь паргIато хилча со суо а яра цIагIур йолуш.
Кхузахь айса йоккху хан эрна хеташ Iаш а ю. Амма цкъачунна цIаяха яьхьар йолш-м яц со, тахана а ца теша-кх со, цигахь маршо ю, аьлча, тешам буй теша цига цIаяха аьлла хета хIинца а. Цигара Iедалера цхьаъ кхуза веъча, кхерало, ванах, вай цIадахийта-м ца бохку теша уьш, кхузарчу Iедалца барт а бина, олий“.

Сапихьата а, кхечу нохчийн мухIажирша а ДегIастанарчу Iедалера хьеший Европе эхар шайна бале довларх кхоьру. Амма, хетало, уьш кхера оьшуш хIуммаъ долчух тера дац, аьлла. Шина а агIонан юкъаметтигаш, схьахетарехь, еккъа цхьа бизнесан хаттар долчух тера ду. Я дехьено а, я сехьено а арадаьккхинарг, олуш ма-хиллара, „еккъа са, са йоцуш кхин хIумма а“ доцуш санна шеконош а кхуллуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG