ТIекхочийла долу линкаш

Обама я Ромни?



Президентан харжамаш бу Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь боьлхуш. Ιаьмеркахой къасталуш бу, яхйо шаьш демократана Обама Баракана президентан даржехь Ιа хан, я республиканхочуьнга Ромни Митте ло и жоьпалле мукъ.

Хенан асанаш махкахь кеп-кепара хиларе терра, дуьххьара кхаьжнаш таса болийнарш яра пачхьалкхан малхбалера кΙошташ. Ιаьмеркан харжамийн система шатайпа ю – цигахь, кхаж тесначу нехан юкъара терахь совдаларх, тоьлла ца лору кандидат, цо халкъо къастийначу харжамхошкара яьккха еза и хьалхе. И тайпа харжамхой бу хΙора а штатехь.

Толам баккха 270 хила беза цара белла кхаьжнаш. Доккхачу декъанна, аьтто къастош йолу штаташ ю, шаьш яккхийчех хиларе терра, Флорида, Огайо, Вирджиния, Колорадо.
XS
SM
MD
LG