ТIекхочийла долу линкаш

ГΙалгΙайн полисхойн дов доьрзуш ду



ГΙалгΙайчуьрчу Карабулакехь доьрзуш ду цигарчу шина полисхочо Гулиев Назира а, Нальгиев Илеса а бехк а боцуш кегийнахана тΙехь таΙзар латторах долу кхелан дов. Цара хьийзийна иштта Карабулакехь хан йоккхуш Ιийна нохчийн мухΙажир Читигов Зелимха церан бехканна заьΙап висина – хΙинца иза Оьрсийчуьра ведда веха Европехь. Масситта бехк хΙинцале бакъбина оцу шина полисхочун. Амма девнан материалаш дукха хиларца доьзна, цкъачунна кхайкхийна баланза бу кхелан сацам.
XS
SM
MD
LG