ТIекхочийла долу линкаш

Обама Барак – Штатийн 44-гΙа президент



Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак шозлагΙчу деашарна а шен даржехь чΙагΙвина цигарчу харжамаша. Цо толам баьккхина республиканан партин векалера Ромни Миттера. Шен децΙахь Чикагохь динчу къамелехь Обамас «Дикаче дΙагΙерташ ю Ιаьмерка!» аларца тΙеийцира шен ирсе хилам. Ромнис бакъдина ша эшар.

Обама 44-гΙа президент ву Цхьаьанатоьхначу Штаташкахь, дуьххьара ву Ιаьржачу нахах а. Цунна кхаьчна халкъо векал бинчу харжамхошкара 300 сов кхаж, 270 тоаме болучохь.
XS
SM
MD
LG