ТIекхочийла долу линкаш

Ιаьмеркан президент декъалварца



Дуьненан агΙонашкарчу лидершкара декъалваран телеграммаш ю Ιаьмеркан президентан харжамашкахь тоьллачу Обама Бараке кхочуш.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнин организацин куьйгалхочо Ги Мун Пана Шемара тΙом сацорехь а, Малхбалехь машар хΙотторехь а жигара хилар дийхира Обамига ша яздинчу кехата тΙехь.

Германин канцлера Меркель Ангелас, ша трансатлантикан юкъаметтигаш тояларе сатуьйсу, элира.

Жуьгтийн мехкан президента Перес Шимона ГΙажарийчоьнан зарратан программа дуьненна кхерам боцчу хорше йоккхуш Абамас гΙолоцийла лаьа шена, боху.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран секретара хаам бина, шаьш реза ду Обама юхахаржарца, аьлла.

Пакистанан а, ОвхΙанистанан а президенташа сатесна бу, цара хаийтарехь, Ιаьмеркаца гергарлонаш чΙагΙдаларе.
XS
SM
MD
LG