ТIекхочийла долу линкаш

Евробарто эшор ю кризис



Евробертан комиссино дегайовхо юьту европахошна церан пачхьалкхашкахь экономикан хьал толур ду тΙедогΙучу 2013-чу шарахь, бахарца. Финансийн кризис дукха ца яккхалахь а, мелла а юхаяккхалур ю Евроберте цхьана шера чохь, аьлла ю комиссин прогноз. Цо чΙагΙдо, Евробертан массо а 17 пачхьалкхахь толур ду хьал, бохуш. Уггаре йоккха экономикехь хало ловчех йолчу Грецехь а меттахΙотта долалур ду хьал, боху комиссино.
XS
SM
MD
LG