ТIекхочийла долу линкаш

Iаьмеркара нохчий Обамехьа бу


Кениа - Обама Баракан денана Сара Обама Хьусайн дуьйцуш ю шен пресс-конференцехь, Ньягомы Когело-юьртахь, ша муха тIеийцира шен кIентан кIант юха а Цхьанатоьхначу Штатийн президент валар, 07Лахь012

Кениа - Обама Баракан денана Сара Обама Хьусайн дуьйцуш ю шен пресс-конференцехь, Ньягомы Когело-юьртахь, ша муха тIеийцира шен кIентан кIант юха а Цхьанатоьхначу Штатийн президент валар, 07Лахь012

Ιаьмеркарчу президентан харжамашкахь Обама Барак толарх баккхийбийна ца Iа беккъа цхьа хьалха дуьйна цигахь беха Ιаьмеркахой. Церан декъахь бу Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь беха нохчийн мухΙажирш а. Стенна хета царна Обама президенталлехь висар тоьлуш?



Дуьххьарлера нохчий Къилбаседа Iаьмеркехь баха хевшина ШозлагIа дуьненан тIом дIабаьллачул тIаьхьа. Царна юкъахь уггаре а бевзаш хилларш бу юкъараллин жигархой Гугаев Салавди а, Умаров Хьамид а.

Ткъа карарчу хенахь Цхьанатоьхначу Штаташкахь вехаш билгал масса нохчо ву бохург хууш дац. Цхьаццаболчу хамашца, цигахь дIатарбелла ши бIе герга доьзал бу, гергарчу хьесапехь, эзар стаг. Уьш, дукхахьолехь, яккхийчу гIаланашкахь а, цу гIаланийн йистошкахь а беха. Бостонехь а, Нью-Йоркехь а, Вашингтонехь а.

Берраш а царех харжамашкахь дакъалаца бакъо йолуш бацахь а, хIораннан а бу шен-шен озабезам, харжамашкахь дакъалаца йиш хилича, ша хьанна кхаж тоссур бара аьлла.

БарIх шо хьалха Нохчийчуьрчу тIамах едда, шен йиша-вешица Iаьмерке дIайоьдучу хенахь 15 шо дара Маринин. ХIинца иза Нью-Йоркерчу Бруклин кIоштахь ехаш ю. Цо дуьйцу, шайн доьзалан кхожан бакъо хилча, шаьш Обама Баркана кхаж тоссур бара бохуш.

Марина: „Тхан кхаж таса бакъо яц, амма тхуна бевзаш масех доьзал бу и бакъо йолуш. Уьш Обамина кхаж тоссуш бара. ХIунда аьлча, иза къечаьрца гIо доккхуш ву, цомгашчарна а, болхбоцучарна гIо деш а ву иза. И важа Ромни миллиардер ма вуй, иштта таронаш йолчеран цхьа шайн го хуьлу, царна къечеран хьал дукха герга ца хуьлу. Цундела кхузарчу нохчашна Обама дика хета“.

Оьрсийчохь я Нохчийчохь кхаьжнаш тасарца а, харжамашца долчу хьолах а вуно чIогIа къаьсташ ду Цхьанатоьхначу Штаташкахь харжамшца долу хьал бохуш дуьйцу Маринас кхин дIа а.

Марина: „Нахана чIогIа деза хета и харжаман де. Вайн цIахь-м цхьа а теша а ма ца теший, шайн кхаьжнаша цхьа тIеIаткъам бийр бу бохучух. Кхузахь массара а жоьпаллица тIеоьцу шайн кхаж тасаран декхар. Цундела кхузахь иштта Iедал а ду-кх, наха шаьш шайна хаьржина. Я харцонаш а ца лелайо Iедало цундела“.

Цкъачунна дукха жима а, къона а ю Цьанатоьхначу Штаташкахь бехачу нохчийн тоба, цу пачхьалкхан президентан харжамашна тIеIаткъам бан ницкъ тоа. Амма хIинца а Къилбаседа Iамерке а, Цхьанатоьхначу Штаташка а дIакхелхачу вайнехан терахь сецна дац.

Хьанна хаьа, цкъа, цхьана дийнахь, хармашкахь къаж тассархой санна дакъалаьцна ца Iаш, цу иммигранташа кхоьллинчу пачхьалкхан лаккхарчу даржашка бовла кандидаташ а хилла, харжамийн декъахь хила а сахьт дац уьш. ХIинца шозлагIа а президент хаьржина волу Обама Барак а ма ву иммигрант хиллачу дена вина...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG