ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу чергазех дог лозуш...



Чергазин юкъархо Урусов Тамерлан цхьалха пикет дΙахьош ву Москох, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу министраллан цΙенна цхьалха. Шемахь деношкахь пачхьалкхан эскарша тΙе бомбанаш йиттинчу шина чергазийн юьртарчу бахархошна Оьрсийчохь тхов-кΙело яла Ιедал декхаре до Урусовс. Полисхоша министраллана гергара дΙавалар тΙедожийра цунна ша пикет йолийначу еарийн дийнахь.

Шемахь эзарнашкахь бу даймахка юхаберза луу чергазий а, иштта нохчий а. Амма церан а, царах доглозучу Оьрсийчуьрчу бахархойн а дехаршна дуьхьал жоп луш дац цкъачунна Ιедал.
XS
SM
MD
LG