ТIекхочийла долу линкаш

Инарлаш луьттуш ву Путин



Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир эскарера инарлаш луьттуш ву. ТΙеман министран метте шеца дукха хенахь дуьйна накъосталлехь волу Шойчу Сергей хΙоттийначул тΙаьхьа, пΙераскан дийнахь дΙабахбина цо хийцамаш. Инарла Штабан коьртера Макаров Николай дΙа а воккхуш, хΙоттийна оцу дарже Москохарчу тΙеман гонан коьртехь Ιийна Герасимов Валерий.

ТΙеман министран гΙентах Сердюков Анатолий ваьккхира шинарий дийнахь, цуьнан министраллерчу герза духкучу декъехь лелла къоланаш Ιора девлла хьал а лаьтташ. 100 миллион долларе кхочуш ду, талламчаша чΙагΙдарехь, пачхьалкхана дина зе.
XS
SM
MD
LG