ТIекхочийла долу линкаш

Полисхоша ши йоΙ хьийзийна



Некъаца машенахь йоьдуш хилла ши йоΙ саца а йина, хьийзорна, ши полисхо лаьцна ГΙалгΙайчохь. «Кавказ» некъа тΙерачу ханехь Део Нексия машен шаьш сацийча, оцу чуьра мехкарий мелла бу я бац талла буьгу, аьлла, Сипсу-ГΙалин дарбан цΙийне а бигина, хьийзина шина полисхочо.

Эвхьазлелла шаьшшиъ ваьлча, кхачийна цара уьш маларх кхетар толлуче экспертиза ян. Сипсу-ГΙаларчу полицино цул тΙаьхьа лецна шен коллегаш. Царна дуьхьал гΙаттийна бехк-такхам талларан дов. И хаам баржийнарг ю Оьрсийчоьнан Талламан комитет.
XS
SM
MD
LG