ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу оппозицин латкъам



Катаран шахьарахь Дохехь деношкахь хаьржинчу Шемин оппозицин кхеташонан лидера Сабра Джоржа дΙахьедина, шен кΙезиг дегайовхо ю дуьнено шайн гΙаттамхошна оьшшу гΙо кхачор ду бохучух аьлла. Деккъа къамелашший, шайн дог эца гΙертаррий бен шайна хуьлш пайда бац шайна арахьара, ткъа Асадан режимна, лечкъа а ца деш, гΙо деш ю маситта пачхьалкх, бохура Сабра.

ТΙемалойн тобанаша хаьржина шайна коьрте Сабра Джорж. Амма иштта кепехь харжар а доцуш, Шемара массо а агΙонаш декъахь а йолуш, хаьржинарш дуьненаюкъарчу хьукматаша къобал а бийр болуш, царех керла Ιедал а кхуллур долуш некъ хьоьхура оппозицина Цхьаьанатоьхначу Штаташа а, Ιаьрбан мехкийн Лигано а. Ткъа еккъа тΙемалойн юкъарлоно шена го къастабарх тоаме дац Шемара хьал машаре дерзо, аьлла хета Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацина а.
XS
SM
MD
LG