ТIекхочийла долу линкаш

Малалин Де



Пакистанехь, Малалин де аьлла цΙе а тоьхна, берийн бакъонийн агΙо лоцуш гуламаш хΙиттира шоьтан дийнахь Исламабад, Лахор, Карачи, кхечу а гΙаланашкахь. Ши бутт хьалха тΙалибаша, шаьш цо харцонашна тΙехь интернетехула бехке дарна герзаш диттина, йожийра Сват олучу кIоштахь 15 шо кхаьчна йолу йоΙ – Юсафзай Малала. Оцу йоΙах машарехьа къийсаран васт дина дуккха а мехкашкахь.

ДуьнентΙехь деша таро йоцуш, школашка даханза 32 миллион бер хилар дагалоьцу маьΙ-маьΙнерчу пачхьалкхашкахь.

Йинчу чевнашна дарбанаш ду карачу хенахь Юсуфзай Малалина деш Ингалсехь.
XS
SM
MD
LG