ТIекхочийла долу линкаш

Оьшуш дуй Оьрсийчохь къаьмнийн республикийн статус хийца?


Russia -- puzzle map of Russia

Russia -- puzzle map of Russia


Оьрсийчохь цхьацца политикан ницкъаша а, политикаша а юкъа-кара гIатточех ду махкарчу къаьмнийн республикийн статус хийцарх лаьцна долу хаттар. РогIера иза айинарг ву Оьрсийчура хьолада, керла политикан парти кхуллуш волу Прохоров Михаил. Амма цунна гIортаме дуьхьало йина Нохчийчура парламентан гIантдас Абдурахманов Дукхвахас. Цу темица доьзна ду оха кху кIирнах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Шуна хIун аьлла хета? Оьшуш ду аьлла хетий шуна, Оьрсийчохь къаьмнийн республикийн статус хийцар? ХIун тIаьхьалонаш хир ю аьлла хета шуна, нагахь, иза дан лууш болчеран аьлларг тIе а даьлла, Оьрсийчоьнан конституцина тIехь цу кепара хийцам бахь?


Къамелехь дакъалаца аьтто бу телефонехула а, тхан сайтехула а. Чехин код +420, цул тΙаьхьа 724 019 832. Боцца горгали схьахьажийча а тоаме ду тхуна, тхо тхаьш девр ду духьал зΙене. SMS яийта таро ло тхан Мегафонан лоьмар тΙе: + 7 926 23 60 4 65. Циггахь шайн къамел дIаяздайта а аьтто бу шун. ЗΙе тхоьца карайойла ду имейлехула а: nc@rferl.org.
XS
SM
MD
LG