ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонехь хийцамаш бина Путин Владимира


Оьрсийчохь тIечIагIйина махкахойн юкъаралла а, адамийн бакъонаш а кхиорехула йолу президентан керла кхеташо. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан сервисо. Цуьнца а догIуш, Путин Владимира цу кхеташонан юкъара дIаваьккхина 15 стаг.

Царна юкъахь ю Ганнушкина Светлана а, Орешкин Дмитрий а, Паин Эмиль а, Панфилова Елена а, Радзиховский Леонид а, Симонов Алексей а. Керла кхеташо лаьтташ ю 39 стагах. Царна юкъахь бу бевзаш болу юкъараллин жигархой а, адвокаташ а, журналисташ а.
XS
SM
MD
LG