ТIекхочийла долу линкаш

Экстремисташ хила мега аьлла, нах лецна Москох


Оьрсийчохь терроран лоруш йолчу «Ислам дендаран партин» 6 декъашхо лаьцна Москох. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векалша бинчу хаамца, цу наха шорбеш хилла шайн агIончийн го. Ткъа Москох маьждигашкахь цара яржош хилла экстремистийн литература.

Церан хIусамашкахь талламаш бина полицин белхахоша. Iедалан векалша чIагIдарехь, талламаш беш царна карийна гранаташ а, герз а, патарманаш а, пайда эца йихкина йолу литература а.
XS
SM
MD
LG