ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара бакъонашларъярхойн кхеташонан декъашхой хийцина Инарлан Ассамблейно


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан 18 дакъашхо хийцина Оршот дийнахь. Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ шолгIа а хаьржина цу кхеташоне. Малхбузера Европа а, кхиерш а аьлла йолчу тобанна юкъахь шолгIа а, кхоалгIа а хаьржинарг ю Германи а, Ирланди а. Кхеташонан керлачу декъашхошна юкъахь ю Аргентина а, Бразили а, Венесуэла а, Япони а, Казахстан а, Пакистан а, Къилба Корей а.

Дуьххьара цу вовшахтохараллана юкъаяхана Эстони. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхой хоржуш бу Инарлан Ассамблейно 3 шаранна. Ерриг а цунна юкъахь ю 47 пачхьалкх. 2009-гIа шаре кхаччалц Iамерко бойкот еш яра цу кхеташонна Израил хьокъехь цуьнан декъашхошна хетарг бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG