ТIекхочийла долу линкаш

Чатаев дIалур вац Оьрсийчоьне


Гуьржийчохь дIалаьцна волу нохчи Чатаев Ахьмад Оьрсийчоьне дIа ца вала сацам бина меттигерчу Iедалша. Цунах лаьцна хаам бина Гуьржийчоьнан юстицин министралло. Чатаев карарчу хенахь талламан изоляторан госпиталехь ву. Кху шеран Гезгамашин-беттан 8-чу дийнахь Дагестанан дозанца тIеман операци дIахьуш дIалаьцнера иза Гуьржийчоьнан ницкъаллин структураша.

Амма билггал цигахь хилларг хIун ду хууш дац. Чатаевна бехке дуьллуш ду, бакъо а йоцуш, герз эцар а, иза лелор а. Нагахь и бехк тIечIагIбан аьтто балахь цунна набахтехь яккха хан тухур ю 5 шаре кхаччалц. Чатаевна экстрадици яр доьхуш ю Оьрсийчоьнан прокуратура.

Австрехь политикан тховкъело елла волу Чатаев Ахьмад 2010-чу шарахь дIалаьцнера Украинехь. Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел юкъагIортар бахьана долуш, Украино иза дIа ца велира Оьрсийчоьне.
XS
SM
MD
LG