ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахошна тΙелетарш дина



Полицин белхахо лазийна кхаарин дийнахь ГIалгIайчохь. Иза ву МаьлгIбек-гIалин талламан декъан куьйгалхочун когаметта Цечоев Аслан. Интерфаксо бинчу хаамца, муьлуш бу ца хуучу наха гранатометаш йиттина Цечоев вехачу хIусаманна. Иза чевнаш а хилла, дIарбанан цIийне виллина ву. Шинарин сарахь Дагестанехь Юбилейный олучу эвлахь вийна ФСБ-н белхахо. Эпсарна урс а диттина, шайна карийна, ахча а, дашо хIуманаш а эцна, цуьнан машенахь дIабахана зуламхой.
XS
SM
MD
LG