ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чолхечу даьлла Газа-асанера хьал


Газа-асанера ракеташ а йиттина, кхо стаг вийна Израилехь. Иза хилла Кирьят Малахи олучу гIалин йистехь. Оццу хенахь ХАМАС тобано шен Iуналлехь латточу территорина тIе яккхийн тоьпаш етташ бу жуьгтийн тIеман ницкъаш.

Кхаарин дийнахь Газа-асанна гонахара хьал къевлинчу рожехь дийцаре дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно, Цуьнан декаъшхоша кхайкхам бина шина а агIоне, хьем а ца беш, герзаш деттар сацаде аьлла.
XS
SM
MD
LG