ТIекхочийла долу линкаш

Коммунистийн партин керла лидер хаьржина Китайхь


Пекинехь Коммунистийн партин Коьртачу комитетан пленумехь инарлан секретар хаьржина Си Цзинпин. Цул хьалха 10 шарахь цу даржехь вара Ху Цзинтао. 2013-чу шарахь Цзинпина дIалаца мегаш ду Китайн гIаьнтден дарж а.

Китайн партин керлачу лидеро дIахьедар дина, халкъан дахар дика хилийта къахьоьгур ду ша аьлла. Си Цзинпина хетарехь, Китай кхиаме хилийта йита еза цхьайолу идеологин кепаш.
XS
SM
MD
LG