ТIекхочийла долу линкаш

Хьоладайн чоьтах мехкан бюджет юза дагахь ву Обама


Iамеркан президент Обама Барак юхавала дагахь вац пачхьалкхан бюджетан дефицит лахъяр Iалашонца тIех сов хьал долчу Iамеркахошкара алсам ял яккха шен йолчу ойланах. Цуьнца цхьана, Обамас дийцарехь, иза кийча ву цу хаттарехь компромисс лаха а, керла идейшка ладогIа а.

И дIахьедар дина цо, шолгIа а президент хаьржинчул тIаьхьа КIайчу ЦIийнехь дуьххьара дIаяьхьначу, шен зорбанан конференцехь.
XS
SM
MD
LG