ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн а, гIалгIайн а доза


Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза къасточу комиссино дIаберзийна шен болх. Цунах лаьцна хаам бина гIалгIайн президенто Евкуров Юнус-Бека. Цо дийцарехь, комиссино шен жамIаш дахьийтина Москох, федералан Iедалшка оьшуш болу сацам байта.

Оьрсийчоьнан Регионаш кхиоран министраллана хетарехь, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза хийца бакъо яц федералан низамаш лар а деш, ши а агIо реза а йолуш бен.
XS
SM
MD
LG