ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен набахташкара ОвхIанистанера тIалибаш дIахоьцуш ю Пакистан


Шаьш йийсаре лийцина цхьаболу ОвхIанистанера тIалибаш дIахеца болийна Пакистанан Iедалша. Еарин дийнахь цара дIахецнарг ву 8 стаг. ОвхIанистанан Iедалан векалша дийцарехь, гергарчу хенахь кхин а алсам тIалибаш дIахеца дагахь ю Пакистан.

Цуьнах лаьцна барт бинера кху деношкахь Исламабадехь дIадаьхьначу дийцаршкахь Пакистанан Iедалан векалша а, махкахь къоман барт бан гIерташ болчу ОвхIанистанан Iедалан лерринчу кхеташонан декъашхоша а.

ОвхIанистанехь Тора-Бора олучу меттехь бехачу тIалибийн куьйгалхочуьнан Маулви Анварул Хак Муджахидан гергарчара дийцарехь, и стаг а ву Пакистано дIахецначу нахана юкъахь.
XS
SM
MD
LG