ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гитлеран ойланаш яржайийриг лаьцна Москох


Оьрсийчохь еша а, лело а йихкина йолу масийтта книга интернетехь зорбане яьккхина аьлла, 48 шо долу стаг лаьцна Москох полицино. Цу книгашна юкъахь ю Гитлер Адольфа язйина «Сан къийсам» олуш ерг а.

И стаг дIалаьцна шен цIахь. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Цунна бехке дуьллуш ду, адамашна юкъахь мостагIалла кхоллар Iалашо йолуш, хIуманаш лелор. ДIалаьцначо интернетехь яржийна йолу книгаш юкъатоьхна ю экстремистийн литературина.

Гитлеран книга йоцург царна юкъахь ю Муссолини Бенитос язйина «Фашизман доктрина» а, Граф Юргенан «Холокостан миф» цIе йолу книга а.
XS
SM
MD
LG