ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхош болчу Iедалхошна дуьхьал кхин а цхьа гIулч яьккхина Iамеркан конгрессан декъашхоша


Iамеркан конгрессан векалийн палато къобул йина "Магнитскийн цIейоза" олуш долчу низаман проект. Цу низамца а догIуш, Iамерко санкциш кхайхкош ю Оьрсийчохь адамийн бакъонаш йохорна бехке болчу Iедалхошна дуьхьал. Цу нахана юкъахь хьахош ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Оьрсийчоьнан Iедалан векалша дIахьедар дина иза шайна дуьхьал яьккхина йолу доттагIаллин йоцу а, питанин а гIулч ю аьлла. И сацам барна жоьпалла буьззинчу барамехь Iамеркана тIедужуш ду аьлла, ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедар тIехь.

Iамеркан конгрессан векалийн палато тIеэцна йолу низаман проект тIеэца дезаш ю сенат а.
XS
SM
MD
LG