ТIекхочийла долу линкаш

3 гΙаттамхо вийна Баксанехь



ГΙебарта-Балкхаройчохь, Баксанан кIоштахь, хьаннашкахь, 3 гΙаттамхо вийна кΙиран сарахь полисхоша, шайлахь веанна чевнаш а хуьлуш. Байъинчу гΙаттамхойх цхьаьнан цΙе йовзийтина Ιедалша. Иза ву 21 шо долу Мишхожев Руслан.

Оццу кΙиран сарахь полисхоша гΙаттамхой байъинчу меттехь новкъа йоьдучу машенна герзаш диттина хьунчуьра. Когашна чевнаш йина машенлелорхочунна а, цуьнца чохь нисъеллачу цхьана йоΙана.
XS
SM
MD
LG