Гуьржийчуьрчу нохчийн мухΙажирийн гонах жоп лучу жигархойн юкъарлонан векала Идигов Ιумара дΙахьедина Тбилисехь, ши бутт хьалха Гуьржийчуьрчу Лопота-чΙажахь вийна 11 нохчо Саакашвилин гонерчу хьакамаша Европера а, меттигерчу паьнказхойх а гулйина тоба яра, аьлла. Уьш ХΙирийчу провокаци еш нах байъа баха кечбеш хилла. Амма реза ца хилча, байъина Ιедало, боху Идиговс.
Официалехь Лопота-чΙажахь хиллачух нах кхетош дуьйцуш хΙума а дац хΙинца а.