ТIекхочийла долу линкаш

Францой дΙабоьлху ОфхΙанистанера



Атлантикан тΙеман альянсан декъашхо ша хиларе терра, ОвхΙанистанехь лаьттина шен эскарш цΙехьа дигар дΙадолийна Францино. 400 салти а, эпсар а ву цΙа воьдуш. Иштта йоьрзуш ю ОвхΙанистанехь францоша 9 шарахь кхочушъеш лаьттина Ιалашо.

Амма массех эскархо вуьсуш ву францойн, уьш а арабевр бу махкара цхьа шо ах шо даьлча, Ιаьмеркан эскаршца цхьана, хаам бо Парижерчу официало.

Францойн эскарера, уьш ОвхΙанистанехь Ιечу юкъанна, вийна 88 стаг.

Францино бина къастам шаьш къобалбойла хаийтина меттигерчу тΙалибаша.

XS
SM
MD
LG