ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогΙера кΙоштан амир вийна Дагестанехь



Дагестанерчу Губден-юьртахь йирзина ницкъаллин урхаллаша, церан хаамца аьлча, гΙаттамхошна дуьхьал дΙахьош хилла тΙеман операци. Ткъа масса стаг дуьхьаллаьттина кхеташ дац. Массо а агΙор гоне лаьцначу цΙа чохь деза герзаш тΙедиттина вийнарг ву цхьа стаг – Карабудахкент-кΙоштан амир хилла бохуш вийцина Таймасов Таймас.

Ιедалан ницкъех вийна полицин капитан Золотухин Владимир.
XS
SM
MD
LG