ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грецина сихха ахча оьшу



Грецина кризисах кΙелхьара яла оьшу ахча далар къастош цхьабарт ца карийна Европан Цхьанакхетараллана. Пачхьалкхийн экономикан министрша Брюсселехь 12 сохьтехь дΙадаьхьна дийцарш дирзина жамΙ а доцуш. Галморзаха дериг ду Грецина хΙун тΙаьхьалонан декхарш тΙедахьа догΙу ахча луш бохург.

10 шо даьлча юхалург 40 миллиард евро ахча даккха гΙерта Евробертера Греци. Амма 17 пачхьалкхийн экономикан министрех цхьаберш реза бац Грецино оьшшучул Европано шена хьалха дехкина декхарш кхочуш дина а доцуш, и ахча дΙахеца.

Чоьхьара харжаш лагΙъеш, социалан программаш хедо езаш нисло Грецин шена ханна ахча лург. Министрша барт бина тΙедогΙучу оршотдийнахь юха а цхьаьнакхета.
XS
SM
MD
LG