ТIекхочийла долу линкаш

Цкъачунна сецна Палестинера тΙом



Палестинерчу Хιамасан ницкъашний, Израилан эскаршний юкъа машар билла гΙиртинчу дуьненаюкъарчу хьукматийн аьтто баьлла Газа-Асанехь герзаш дуьйлучура сацон. КΙиранах 170 гергга стагг а вуьйш бина тΙом кхидΙа ца гΙоттург хиларе сатуьйсу шина агΙонна юкъахь дийцарш дΙахьош хиллачу Ιаьмерко а, Цхьаьанкхеттачу Къаьмнийн Организацино а.

Израилан тΙеман министра Барак Эхуда шен пачхьалкха Ιалашонаш кхочуш хилла аьлла дΙахьедар дина. Ткъа шаьш эшна а аьлла ца хета, дечу къамелашка ладоьгΙча, палестинахошна а.
XS
SM
MD
LG